《中国记者》杂志
Високо?сан шо (лат. bis sextus — ?шолг?а ялхалг?а?[1][2][3]) я высоко?сан шо (къамелехь лелон[1], аттачу маттахь лелон[4]) — юлианан а, григорианан а рузманашкара дохалла 366 де долу шо, високосан доцучу шарахьчул цхьа де-буьйса к?езиг хуьлу. Юлианан рузманехь високосан шо ду х?ора доьалг?аниг, григорианан рузманехь оцу бакъонах къаьстина бакъо ю.
Йукъадаккхаран истори
[б?аьра нисйан | нисйан]Вайн эрал 45 шо хьалха 1 январехь дуьйна руман диктаторо Гай Юлий Цезара йукъаяьккхина Румехь коьртехь Созиген волчу александрийн астрономаша йина йолу рузма, цуьнан хьесап дара астрономин шо 365,25 де-буса (365 де-буса а, 6 сахьт а) латтар. Оцу рузманех юлианан рузма ала долийра. Сов долуш долу ялх сахьт нисдан, йукъадаьккхира високосан шо. Кхо шо хуьлура 365 де-буьйсанах лаьтташ, ткъа х?ора доьалг?а шеран т?етухура кхин а цхьа де-буьйса февралехь.
Руман рузма кхаа дийнах цхьаъ юханехьа дагардаран бух т?ехь яра, царех календ (беттан хьалхара де), нон (беттан доьалг?а дакъа) я ид (беттан йукъ) олура. Мартехь, майхь, июлехь, октябрехь идаш беттан 15-г?а деношкахь хуьлура, ткъа нонаш — 7-г?а дийнахь, бисинчу беттанашкахь — 13-г?а а, 5-г?а а деношкахь ший а. Терахь юханехьа дагардора уллерчу календан, идан, я нонан т?иера; иштта апрелан хьалхара дийнах апрелан календаш олура, мартан т?аьххьара де — апрелан календел хьалхара денош (Pridie Kal Apriles), мартан т?еххьарчул хьалхарчу дийнах — апрелан календ кхача кхоалг?а де, иштта д?а. Иштта терахьаш билгалдахар дукха лаьттира юлианан рузманехь. Февраль т?аьххьара шеран бутт бара руман рузбанехь. Дуьххьара високосан шо хилира вайн эрал 45 шо хьалхараниг хилира
Цезарь вийра керла рузма йина ши шо даьлчи, шолг?а високосан шо доладелира иза веллачул т?аьхьа. Рузма леларх жоплуш болу мозг?арш ца кхетна хила тарло х?ора диъ шо даьлчи де т?етохаран принципах, цуьнан меттана йукъадетта буьйлабелира х?ора кхоалг?ачу шеран февралехь цхьацца де. Цезарал т?аьхьа 36 шарахь х?ора кхоалг?а шо високосан дара, цул т?ехьий бен нис ца дира император Августа високосан шерийн нийса низам (кхин т?е рузма нисъярхьама юхадехира хьалха т?едиттина месех де а). Руман а, мисаран а терахьаш 1999 зорбатоьхна оксиринхан тептаршца дуьстича[5][6], гучуделира, Румехь високосан шераш вайн эрал 42, 39, 36, 33, 30, 27, 24, 21, 18, 15, 12, 9 шераш хьалха, 8 а, 12 а шерашкахь хилар, ткъа цул т?аьхьа х?ора доьалг?а шо[7].
Григорианан рузма
[б?аьра нисйан | нисйан]Тропикийн шеран (шина б?аьстенан йукъара де-буьйса нисдаларна хан) юккъера дохалла ду 365 де 5 сахьт 49 минот. Юккъера тропикийн шеран а, юккъера юлианан рузман шеран (365,25 де-буьйса) а дохаллин йукъара башхалла ю 11 минот гергга, оцу 11 минотах 128 шарахь вовшахкхета цхьа де-буьйса гергга.
Масех б?ешо даьлчи гучуделира килсан ?иданаш доьзна долу б?аьстенан де-буьйса нисдалар шаршар. XVI б?ешарахь б?аьстенан де-буьйса нисдалар хуьлура 10 де хьалха 21 мартал, иза леладора Пасха лоруш.
Гулделла г?алат нисдархьама, кхин т?е и г?алат ца дархьама, 1582 шарахь руман папас Григорий XIII-г?ачо йира рузман реформа. Юккъера рузман шо дика даийта маьлхачунца, барт бира висакосан шерийн низам хийца. Хьалха санна високосан дисира доьалг?а шо, амма 100 декъалуш долчу шерашна кхин бакъо йира 100. Иштта шераш високосан хуьлу, нагахь кхин а 400 декъалахь.
Кхузара йог?у високосан шерийн бакъо:
- 400 декъалуш долу шо — високосан;
- 100 декъалуш долу кхин шераш —високосан дац;
- 4 декъалуш долу кхин шераш — високосан.
Б?ешерийн т?ехьа ши ноль йолуш долу т?аьххьара шераш, деаннах кхоъ високосан дац. Иштта, 1700, 1800, 1900 шераш високосан дац, х?унда аьлчи уьш декъало 100, амма ца декъало 400. 1600 а, 2000 а шераш — високосан ду, х?унда аьлчи иза 100 а, 400 а декъало. 2100, 2200, 2300 шераш —високосан дац. Високосан шарахь кхин цхьа де т?етуху — 29 февраль.
Т?аьххьара високосан шо хилира 2016 шо, ткъа хиндерг 2020 шо.
Жугтийн рузма
[б?аьра нисйан | нисйан]Жугтийн рузманехь високосан шо олу, бутт т?етухучу шерах. Цуьнан бахьана ду, жугтийн рузма беттаца лелош хилар, беттан бохалла 29,53059 мелхан де ду, цундела беттан шо т?аьхьадуьсу астрономин мелхачул 11 де гергга. Беттан шераш мелхан шерашца нисдархьама високосан шо хуьлу кхойтта бетах лаьтташ. 19 шеран йукъа дог?у 7 високосан шо, иза хуьлу 235 беттан рузманан бутт. Шеран юккъера дохалла хуьлу 235 × 29,53059 / 19 = 365,24677 де.
Хьажа иштта
[б?аьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[б?аьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Толковый словарь русского языка: В 4 т. / Под ред. Д. Н. Ушакова. — М.: Сов. энцикл.: ОГИЗ, 1935—1940.
- ↑ Рус. пер.: Фасмер М. Этимологический словарь русского языка. — 1-е изд. — Т. 1-4. — М., 1964—1973.
- ↑ Високосный год // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- ↑ Словарь современного русского литературного языка / В 17 т. АН СССР. Ин-т рус. яз. М.; Л., 1948—1965.
- ↑ A. Jones. The Astronomical Papyri from Oxyrhynchus. American Philosophical Society, 1999. ISBN 978-0-87169-233-7. P. 177.
- ↑ Roman to Julian Conversion: Analysis A.U.C. 730 = 24 B.C
- ↑ Климишин И. А. Календарь и хронология. — Изд. 3. — М.: Наука, 1990. — С. 289. — 478 с. — 105 000 экз. — ISBN 5-02-014354-5.
Литература
[б?аьра нисйан | нисйан]- Високосный год // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.